Шина доттагIчун дов даьлла. Цхьаъ шен доттагIчух лаьцна вон хIуманаш дийца волавелла шена мел бевзачаьрга. Амма жимма хан яьлча, метта а веана, ша нийса цахиларх кхетта и. ДоттагI къинтIераваккха веана и. ТIаккха вукхо аьлла: – Дика ду. Ас хьуна гечдо. Амма сан цхьа биллам хир бу. – Муьлха? – ГIайба схьа а эций, батIа а бай, цу чуьра месаш мохе дIасаяхьийта. Гечдар деха веанчо дина шега аьлларг. ГIайба батIийна цо. Мохо юьрт ма-юю дIасаяржийна месаш. ГIадвахана аьлла цо доттагIчуьнга: – Хьан тIедиллар кхочушди ас. Гечдин ахь суна? – Гечди, нагахь ахь месаш юха гIайби чугулъяхь... Уьш юха схьагулъян ницкъ кхочур боций хууш ма ду. Иштта ду-кх юьрт ма-юю даьржина вон дешнаш тIегулдан гIортар а.
ДоттагIаллех лаьцна дийцар
Автор не указан


