Цкъа цхьа къона композитор веана Моцарт волчу. Шен похIма муха кхион деза хаа лууш хилла и. – Аттачу, чолхе боцучу мукъамаш тIера волавала веза аьлла хета суна, – хьехардина Моцарта. – Эшарийн мукъамаш тIера, масала. – Ахь беран хенахь дуьйна симфониш ма язйина! – реза ца хилла жимстаг. – ХIаъ, иза иштта ду. Амма со цхьаьнгга а сайна похIма кхион хьехар де аьлла а ма ца вахана.
Моцартан хьехар
Шима Хамидович Окуев


